Школа » Презентации » Другие презентации » Нохчийн литературин йиллина урок 6 класс Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е»

Презентация - "Нохчийн литературин йиллина урок 6 класс Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е»"

0
31.08.24
На нашем сайте презентаций klass-uchebnik.com вы можете бесплатно ознакомиться с полной версией презентации "Нохчийн литературин йиллина урок 6 класс Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е»". Учебное пособие по дисциплине - Презентации / Другие презентации, от атора . Презентации нашего сайта - незаменимый инструмент для школьников, здесь они могут изучать и просматривать слайды презентаций прямо на сайте на вашем устройстве (IPhone, Android, PC) совершенно бесплатно, без необходимости регистрации и отправки СМС. Кроме того, у вас есть возможность скачать презентации на ваше устройство в формате PPT (PPTX).
Нохчийн литературин йиллина урок 6 класс Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е» 📚 Учебники, Презентации и Подготовка к Экзаменам для Школьников на Klass-Uchebnik.com

0
0
0

Поделиться презентацией "Нохчийн литературин йиллина урок 6 класс Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е»" в социальных сетях:

Просмотреть и скачать презентацию на тему "Нохчийн литературин йиллина урок 6 класс Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е»"

Нохчийн литературин йиллина урок
6 класс

Кечйинарг:
нохчийн меттан а, литерату
1 слайд

Нохчийн литературин йиллина урок
6 класс

Кечйинарг:
нохчийн меттан а, литературин хьехархо:
Султыханова Мадина Вахаевна

Хьехарсахьтан ц1е:
Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а.    Стихотворени «Ломара ц1е» <br
2 слайд

Хьехарсахьтан ц1е:
Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е»

1алашонаш.
Кхиоран: Рашидов Шах1идан  дахар а, кхолларалла а йов
3 слайд

1алашонаш.
Кхиоран: Рашидов Шах1идан дахар а, кхолларалла а йовзийтар, бакъдолу доттаг1алла муха хила деза дешархошна хаийтар.
Кхетош – кхиоран:Масал эца 1амор, литературе безам бахийтар.

Дешархойн догдаийтаран мур.
Урокана эпиграф:
Дика
4 слайд

Дешархойн догдаийтаран мур.
Урокана эпиграф:
Дикачу доттаг1чуьнца
дуьненан йисте кхача хала дац.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
Ц1ахь 1амийнарг
5 слайд

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
Ц1ахь 1амийнарг хотту.
Дикаев Мохьмадан стихотворени «Къинхетаме Нохчийчоь»
Проект х1оттаян
Сурт дилла

Керла коьчал йовзийтар.
Рашидов Шаидан поэзин тематика
6 слайд

Керла коьчал йовзийтар.
Рашидов Шаидан поэзин тематика пхеа дашца билгалйаккха езаш хилча далор дар-кха Даймохк, Маршо, Нана, Доттаг1алла, Безам- боху дешнаш.
Ц1енчу безамо дог т1ома дохуш, Даймахке болчу безамо дахарна ницкъ луш, маршоне болчу безамо хьуьнар хуьлуьйтуш, шен нене болчу безамо г1алатех ларвеш, доттаг1чуьнга болчу безамо сица ларвеш, х1окху чолхечу «дахаран аренах» корта айъина чекхвала г1ерта цуьнан поэзин турпалхо.

Шаид вийца ца оьшуш, массарна вевзаш поэт ву. Массо классехь йоьшуш, 1амош, езаш ю цуьнан  байташ. Ч
7 слайд

Шаид вийца ца оьшуш, массарна вевзаш поэт ву. Массо классехь йоьшуш, 1амош, езаш ю цуьнан байташ. Ч1ог1а беркате 1аткъам бой, к1оггера ойла йойту цуьнан хазачу къамело, цо говза вовшех дуьйцинчу дешнаша.

Нохчийн яздархо,поэт Рашидов Шах1ид вина 1940-чу шеран лахьанан беттан 15-чу дийнахь Гуьмсан к1оштар
8 слайд

Нохчийн яздархо,поэт Рашидов Шах1ид вина 1940-чу шеран лахьанан беттан 15-чу дийнахь Гуьмсан к1оштарчу Энгель-эвлахь.
Хинволчу поэтан диъ шо ца кхаьчнера 1944-чу шеран махка бала боьссинчу чиллан беттан 23-чу дийнахь. Цу дийнахь, вайна ма-хаъара, харц ц1е а тиллина, бехк а боцуш, нохчийн къам махках даьккхира.

Шах1идан кхиар г1ирг1азойн берашца цхьаьна хилла.Церан маттахь яра   Шах1ида ворх1 класс чекхйаьккхи
9 слайд

Шах1идан кхиар г1ирг1азойн берашца цхьаьна хилла.Церан маттахь яра   Шах1ида ворх1 класс чекхйаьккхина ишкол а, хьалхара стихаш а.К1анта даима сатуьйсура генарчу Кавказе.
Цо леррина ладоьг1ура баккхийчара олучу назманашка, мехкарша лоькхучу эшаршка.Х1етахь шен 13-14 шо кхаьччахьана,х1ора дийнахь бохург , стихаш язйора. Уьш зорбане йийлира 1954-чу шарахь.

Эххар хьомечу Даймахка  ц1а вирзича, кхиъна вог1учу поэтана шен дагчохь ма-хиллара, хаза а, исбаьхьа
10 слайд

Эххар хьомечу Даймахка ц1а вирзича, кхиъна вог1учу поэтана шен дагчохь ма-хиллара, хаза а, исбаьхьа а карийра иза. Цул т1аьхьа, Рашидов Шах1ида чекхйаьккхира хьехархойн институт.
Дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а, районан дешаран декъан хьаькаман а даржашкахь белхаш бина цо. Шах1идан стихаш гочйина оьрсийн, казахийн, х1ирийн меттанашкахь. Указаца 2005-чу шарахь «Халкъан поэт» аьлла сийлахь ц1е тиллина цунна.Кхелхина Шах1ид 2020-чу шарахь.

Рашидов Шах1ида шен «Ломара ц1е» стихотворени цхьана  легендин буха т1ехь кхоьллина ю. Ширачу за
11 слайд

Рашидов Шах1ида шен «Ломара ц1е» стихотворени цхьана легендин буха т1ехь кхоьллина ю. Ширачу заманахь лаьмнашца цхьа 1адат хилла: стаг вийнарг ломан лакхахь д1авоьхкуш.

Б1ешераш хьалха цу ломахь
Хилла ду дуьйцуш дерг вай.
Г1елонехь даьхначу къоман
Дахар а хил
12 слайд

Б1ешераш хьалха цу ломахь
Хилла ду дуьйцуш дерг вай.
Г1елонехь даьхначу къоман
Дахар а хилла дац вайн.

Мацалло, т1емашка хьийзош,
Къизаллехь даьхна вайн къам.
Къен хилла ялта ден ирзош,
Хиъна бац ирсан а чам.

Делахь а хьаша т1еэцар
Даима сийлахьа дара.
Вовшашка доттаг1ийн безам
Малхал а бовха ма бара.

1адаташ цу хенахь ирча
Даьржина лаьмнашкахь вайн.
Делахь а хиндолчу ирсе
Сатуьйсуш баьхнер
13 слайд

1адаташ цу хенахь ирча
Даьржина лаьмнашкахь вайн.
Делахь а хиндолчу ирсе
Сатуьйсуш баьхнера дай.

Цхьа 1адат дара, стаг вийнарг
Д1авоьхкуш ломан лакхахь.
Виснарг малх кхетталц дийна,
Д1ахоьций, 1адвуьтуш ц1ахь.

Ткъа ломахь даима ю шийла,
Атта дац цхьанне и лан.
Вихкинарг висна вац дийна,
Леш хилла кхачале хан.

Ломан лакхахь  даим шийла хуьлу, оцу шелоно хьалхаволуьйтуш ца хилла  цхьа а. Сахилале  стаг г1орош
14 слайд

Ломан лакхахь даим шийла хуьлу, оцу шелоно хьалхаволуьйтуш ца хилла цхьа а. Сахилале стаг г1орош хилла. Къиза хилла и 1адат. Амма, ала деза, цу хенахь дахар а вуно хала хилла. Дуучуьнца, молучуьнца, т1едухучуьнца хало хьоьгура адамо. Оцу декъазчу хьелашкахь хала хьалакхиъна стаг цхьаммо вийча, и бохам лан хала хуьлура.Цундела стагана т1е куьг кховдийначунна иштта къиза кхел кхайкхош ламанца 1адат лаьттина цхьана хенахь.

Цу муьрехь рег1ана дехьа,
Сехьарчу цхьа шина юьртахь,
Хилла, бах, ши доттаг1 вехаш,
Лур
15 слайд

Цу муьрехь рег1ана дехьа,
Сехьарчу цхьа шина юьртахь,
Хилла, бах, ши доттаг1 вехаш,
Лур йоцуш вовшашна яхь.

Дийнахь цкъа вовшийн ца вайча,
Дахар а хеташ цхьа къахь,
Т1евоьдуш ваьхна шиъ вовшийн,
Ца йоьхуш вовшашка раг1.

Доттаг1ех цхьаъ къиза хьовзош
Т1ебеъна боцу цхьа бехк.
Кхел йина, цунна т1е доьг1на
Д1авехка ломан басах.

Сада1аран минот.
Чехкааларш:
Букъ к1айн къиг, мукъ буткъа
16 слайд

Сада1аран минот.
Чехкааларш:
Букъ к1айн къиг, мукъ буткъа урс.
Гал – горга шога галнаш,
гибар чохь гирда гарзанаш.

Ткъа доттаг1 веъна и волчу-
Хала ду ишттаниг лан.
«Хьан дуьхьа оьккхур ву ор чу,
Лур ду ас,
17 слайд

Ткъа доттаг1 веъна и волчу-
Хала ду ишттаниг лан.
«Хьан дуьхьа оьккхур ву ор чу,
Лур ду ас, дезахь, сайн са.

Ткъа ницкъ бац шун 1адат хийца,
Б1ешерийн 1адат и го.
Хьан метта вала йиш хилча,
Лийр вара тахханехь со.

Доьху ас: хьо г1оро воьлча,
Б1аьрг тоха ломан баса.
Варийлахь, шело хьайл тоьлча,
Ма лолахь сихонца са»

Суьйре ю 1аткъаме чиллин,
Ткъаршшанехь латта а лелхаш.
Висира шиннех цхьаъ г1ийла,
Вихкина
18 слайд

Суьйре ю 1аткъаме чиллин,
Ткъаршшанехь латта а лелхаш.
Висира шиннех цхьаъ г1ийла,
Вихкина ломан басахь.

Йиш а яц дайн 1адат дохо,
Д1ахеца вихкина верг.
Эхье ду ломахь стаг вохар,
Т1еделхарх стиглахь мел дерг.

1ожалла лаьттара йог1уш,
Те1ара шело а т1е.
Ц1аьххьана д1ахьаьжча, йогуш
Схьагира ломахь цхьа ц1е.

Кийра чу хьаьдира йовхо,
Ц1ий  литта дуьйлира дог.
Кхачарна доттаг1чун йовхо,
Ешира баланий
19 слайд

Кийра чу хьаьдира йовхо,
Ц1ий литта дуьйлира дог.
Кхачарна доттаг1чун йовхо,
Ешира баланийн бог.

Сахиллалц егира ломахь
Доттаг1чо латийна ц1е,
Шелделла дег1 оцо дохдеш,
Кхечира 1уьйре а т1е.

Д1авига, б1аьрхишца г1ийла,
Баьхкина юьртара нах.
Вихкинарг дийна карийна
Велира массо цец-акъ.

Ткъа т1аьхьо хиира царна,
Муха и висна ца леш.
Доттаг1чун кийрарчу ц1аро
Хиллийла иза вохве
20 слайд

Ткъа т1аьхьо хиира царна,
Муха и висна ца леш.
Доттаг1чун кийрарчу ц1аро
Хиллийла иза вохвеш.

Бакъволу доттаг1 шен са ца кхоош цунна г1о дан кийча ву.
Доттаг1чо шен накъост наб озийна, шелвелла, вала ца валийта, ломахь ц1е латийна хилла.
И велла хир ву аьлла д1авига баьхкинарш, дийна карийна цецбевлира.
Т1аьхьо хиира царна и доттаг1чун кийрарчу ц1аро вохвеш хиллийла.

Синквейн: Доттаг1
1.
2.
3.
4.
5.

21 слайд

Синквейн: Доттаг1
1.
2.
3.
4.
5.

Синквейн: Доттаг1
1.ДОТТАГ1
2.ДИКА,ТЕШАМЕ
3.Г1О ДО,ЛАРВО,НАКЪОСТАЛЛА ДО
4.ДОТТАГ1 ВОНЕХЬ
22 слайд

Синквейн: Доттаг1
1.ДОТТАГ1
2.ДИКА,ТЕШАМЕ
3.Г1О ДО,ЛАРВО,НАКЪОСТАЛЛА ДО
4.ДОТТАГ1 ВОНЕХЬ ВЕВЗА
5.ТЕШАМ

Дешархошка хаттарш.
Стихотворенин коьрта турпалхой муьлш бу?
- «Ломара ц1е» аьлла ц1е х1унда т
23 слайд

Дешархошка хаттарш.
Стихотворенин коьрта турпалхой муьлш бу?
- «Ломара ц1е» аьлла ц1е х1унда тиллина авторо шен произведенина?
- Х1ун дара деза лоруш халкъо цу хенахь?
- Х1ун 1адат хилла лелаш цу хенахь лаьмнашца бехачу нахана юккъехь?
- Вихкина хилларг д1авига баьхкинарш цецбаьхнарг х1ун дара?
Х1ун дара вихкина волчунна ца леш к1елхьарвала ницкъ белларг?
Х1ун маь1на ду х1окху стихотворенин?

Дешнаш т1ехь болх:
1адат-обычай
Яхь- честь
Ломара ц1е-огонь в го
24 слайд

Дешнаш т1ехь болх:
1адат-обычай
Яхь- честь
Ломара ц1е-огонь в горах
Цец-акъ- удивление

Жам1 дар

-Тахана, вай стенах лаьцна дийцира?
-Вайн 1алашо х1ун яра?
-1алашоне кхаьчна а
25 слайд

Жам1 дар

-Тахана, вай стенах лаьцна дийцира?
-Вайн 1алашо х1ун яра?
-1алашоне кхаьчна аьлла хети шуна вай?

Жам1 дар
-Тахана вайна девзи Рашидов Шах1идан дахар а, кхолларалла а.
-Иштта вайна девзи цуьна
26 слайд

Жам1 дар
-Тахана вайна девзи Рашидов Шах1идан дахар а, кхолларалла а.
-Иштта вайна девзи цуьнан «Ломара ц1е» йолчу стихотворенин чулацам а.
-И стихотворени ешча вайна хаа деза, бакъдолу доттаг1алла муха хила деза.
Доттаг1алла- иза адамашна юкъара к1оггера уьйр ю, шена чохь тешам,г1о-накъосталла хилла ца 1аш, чоьхьара гергарло, догц1еналла, безам, ларам болу.
Сайн къамел дерзош ала лаьа суна: Рашидов Шах1ида язйина стихотворенеш, массо а ханна, наха езаш йоьшуш хилар.

Ц1ахь бан болх.
Рашидов Шаидан  кхолларалла 1амо.
«Ломара ц1е» стихотворени
27 слайд

Ц1ахь бан болх.
Рашидов Шаидан кхолларалла 1амо.
«Ломара ц1е» стихотворенин чулацам схьабийцар, шерра еша 194-199 аг1онаш
Хаттаршна жоьпаш луш.

Рефлекси йар:
Суна атта хийти…
Суна хала хийти…
Со ца кхийти…

28 слайд

Рефлекси йар:
Суна атта хийти…
Суна хала хийти…
Со ца кхийти…

Массарна а даггара баркалла!
Беркате хуьлда шун хаарш!!!

29 слайд

Массарна а даггара баркалла!
Беркате хуьлда шун хаарш!!!

Комментарии (0) к презентации "Нохчийн литературин йиллина урок 6 класс Рашидов Шах1идан дахар а,кхолларалла а. Стихотворени «Ломара ц1е»"