Школа » Презентации » Другие презентации » Презентация Нохчийн литературин йиллина урок 10-чу классехь

Презентация - "Презентация Нохчийн литературин йиллина урок 10-чу классехь"

0
16.03.23
На нашем сайте презентаций klass-uchebnik.com вы можете бесплатно ознакомиться с полной версией презентации "Презентация Нохчийн литературин йиллина урок 10-чу классехь". Учебное пособие по дисциплине - Презентации / Другие презентации, от атора . Презентации нашего сайта - незаменимый инструмент для школьников, здесь они могут изучать и просматривать слайды презентаций прямо на сайте на вашем устройстве (IPhone, Android, PC) совершенно бесплатно, без необходимости регистрации и отправки СМС. Кроме того, у вас есть возможность скачать презентации на ваше устройство в формате PPT (PPTX).
Презентация Нохчийн литературин йиллина урок 10-чу классехь 📚 Учебники, Презентации и Подготовка к Экзаменам для Школьников на Klass-Uchebnik.com

0
0
0

Поделиться презентацией "Презентация Нохчийн литературин йиллина урок 10-чу классехь" в социальных сетях:

Просмотреть и скачать презентацию на тему "Презентация Нохчийн литературин йиллина урок 10-чу классехь"

Нохчийн литературин йиллина урок
10-чу классехь

«Юсуп Яралиевн «Г1иллакх» стихотворенин ис
1 слайд

Нохчийн литературин йиллина урок
10-чу классехь

«Юсуп Яралиевн «Г1иллакх» стихотворенин исбаьхьаллин башхалла»
Кечйинарг: Мунаева Заира Руслановна
ТIехьа-МартантIерчу
№5 йолчу юккъерчу школан
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Урокан ц1е: Юсуп Яралиевн «Г1иллакх» стихотворенин исбаьхьаллин башхалла.

1алашо: «Г1иллакх»
2 слайд

Урокан ц1е: Юсуп Яралиевн «Г1иллакх» стихотворенин исбаьхьаллин башхалла.

1алашо: «Г1иллакх» стихотворенин чулацам а, исбаьхьаллин башхалла а йовзийтар; дешархойн литературица йолу уьйр сов яккхар; баккхий нах ларар а, цаьрга ладог1ар а.

Х1етал-метал хаийла шуна:  туьканахь, базарахь, юхкуш яц, ехчи наха луш а яц, оьшучунна, лелочунна м
3 слайд

Х1етал-метал хаийла шуна: туьканахь, базарахь, юхкуш яц, ехчи наха луш а яц, оьшучунна, лелочунна мел йорах а, уллохь а ю. Х1ун ю иза?
Г1иллакх

Нохчийчоьнан Веданан к1оштарчу Хорача эвларчу Сардал-1елин к1ант Юсуп дуьнен чу ваьлла 1955-чу шеран
4 слайд

Нохчийчоьнан Веданан к1оштарчу Хорача эвларчу Сардал-1елин к1ант Юсуп дуьнен чу ваьлла 1955-чу шеран 1-чу майхь Казахстанан Кзыл-Орда г1алахь.
Кхоллараллин некъ д1аболийна Хорачарчу барх1шеран школехь дешархо волуш, 6-чу классехь. Пхийттара ваьлчахьана зорбане вуьйлуш ву. Веданара №1 йолу юккъера школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа дешна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь.
Къоначу поэтийн конкурсашкахь дакъалаьцча, шолг1а меттиг а (1978), хьалхара меттиг а (1982) йоккхуш, республикин премин лауреат а хилла.
"Сатийсаман анайисташ", "Даймехкан мукъамаш", "Нохчийн поэзин антологи", "Туьйранаш", "Дашо латта" гуларийн авторех цхьаъ ву Юсуп. Нохчийн маттах, Нохчийчоьнан яртех лаьцна 1илманан декъехь дуккха а публицистикин белхаш а язбина поэто.
Яралиев Юсуп яздархойн а, журналистийн а Союзийн декъашхо ву. Вехаш-1аш ву Веданахь.

5 слайд

6 слайд

Словарни болх:

Мах хадо -    шен хеннахь ойла яр;
Лехамца вехаш -    дахаран некъ беш; <
7 слайд

Словарни болх:

Мах хадо - шен хеннахь ойла яр;
Лехамца вехаш - дахаран некъ беш;
Гездеш некъаш - халонех чекхвийлина;
Тептар т1ехь дешна - жимчохь 1амийнарг.

Хаттарш :
1) Йоккхачу стеган хьехар маь1не хилар маца гучудолу авторна?
2) Шен хеннахь х1ума
8 слайд

Хаттарш :
1) Йоккхачу стеган хьехар маь1не хилар маца гучудолу авторна?
2) Шен хеннахь х1уманна мах хадо стенна ца хаьа стагана? Стихотворенехь схьалаха цу хаттарна жоп луш долу дешнаш, д1адеша.
3) "Жимчохь 1амийнар т1улга т1е яздина йоза ду". "Х1ума хаар - воккхачуьнга ладог1ар". Маь1на даста кху кицанийн.
4) Муьлха мехаллаш билгалйоху поэто нохчийн г1иллакх-оьздангаллин?
5) Баккхий нах ларар, цаьрга ладог1ар мел оьшу кегийрхошна? Шайн чохь деца-ненаца, воккхачуьнца аша х1ун г1иллакх леладо? Даладе масалш.

Бексултанов  Муса  «Некълацар»

9 слайд

Бексултанов Муса «Некълацар»

1) "Г1иллакх доцчу стагаца араваьлларг догдика ц1авоьрзур вац".
2) "Г1иллакх дезаш
10 слайд

1) "Г1иллакх доцчу стагаца араваьлларг догдика ц1авоьрзур вац".
2) "Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац".
3) "Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина".
4) "Г1иллакх оьздангаллин ваша ву".
5) "Г1иллакх долу стаг бер т1едеъча а г1отту хьала".
6) "Г1иллакх а дуьненан эла ду".
Кицанаш:

- Г1иллакх, к1ант, кхоьллина наха.
И г1иллакх, хьо дукхавахарг,
Кхьоллина лелочун дуьхьа,

11 слайд

- Г1иллакх, к1ант, кхоьллина наха.
И г1иллакх, хьо дукхавахарг,
Кхьоллина лелочун дуьхьа,
Сий дайта лелочун юьхьан.

Рефлекси.
- Урок муха хийтира шуна?
- Урокехь керла х1ун девзира шуна?
- Иштта урок кхин хи
12 слайд

Рефлекси.
- Урок муха хийтира шуна?
- Урокехь керла х1ун девзира шуна?
- Иштта урок кхин хилийта лаьарий шуна?
- Урок хала яра, атта яра?

Ц1ахь бан болх:

Стихотворени дагахь 1амае.

13 слайд

Ц1ахь бан болх:

Стихотворени дагахь 1амае.

Комментарии (0) к презентации "Презентация Нохчийн литературин йиллина урок 10-чу классехь"